День памяти и скорби народов Чеченской Республики

10.05.2016

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Шен дахар Далла г1уллакх дарна лерина дара цуьнан, амма махкана чолхе киртиг т1е1оттаелча динан а, политически а куьйгалла шена т1елецира цо, экстремизмица а, дуьненаюкъара терроризмица а луьра къийсам бола а беш. Къоман дахарехь уггаре а хала денош т1екхаьчча ц1аро а, харцонаша а цистина болчу махкахь т1ом сацо а, машаре дахаран з1ийдигаш тасаялийта а шен ницкъ мел кхоччу къахьийгира Ахьмад-Хьаьжас. Толам а баьккхина, шен 1алашоне кхечира иза. Нохчийчура т1ом сецира, цуьнан дахар маьршачу харше дирзира. Шен къоман дегнаш чохь доза доцу лерам а, безам а латийна, Пачхьалкхан Президентан дагчохь тешам а г1аттийна, дуьненчуьра д1аваха Ахьмад-Хьаьжа, амма вайн махкахоша цкъа а вицвийра вац иза. Вайца вац Ахьмад-Хьаьжа, амма цунах болу дагалецамаш цуьнан а, цуьнан т1аьхьенан а г1уллакхашца даим а вайца бу. Дала декъал войла иза! Дала г1азот къобал дойла цуьнан!