Аллах1 Дала геч Дойла Исмаил Тухуевичанна, Дала ялсамане хьаша войла цунах.

23.02.2020
Хьехархо! И дош массарна а цхьа хьоме а, гергара а хета шен дахарехь дика хьехархой нисбеллачу адамашна къаьстина. Доккха дукъ ду хьехархочун белшаш т1е дуьжуш дерг. Цуьнан коьртачех 1алашо –кегийчу, берийн ц1еначу синойн беш кхиор, оцу юкъа дог1у: г1иллакх-оьздангалла, Даймахке безам хилар, 1алам 1алашдар, дуьненан массо а адамашца тарвала хаар. Иштта кхин а дуккха а ду ала диканиг тхуна юкъара бакъ дуьнене д1аваханчу Хьехархочунах Зайпулаев Исмаил Тухуевичах ала. 52 шарахь хьехархочун болх бина Исмаил Тухуевича Первомайскерачу юкъерчу ишколехь.Аллах1 Дала геч Дойла Исмаил Тухуевичанна, Дала ялсамане хьаша войла цунах. Тхан дегнашкахь даимна а хир ву хьо санна волу Дика хьехархо, а тешаме накъост а!